Новости

«Нохчийн меттан говзанча» къовсаман II-чу муьрах 10 стаг чекхваьлла

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийна а йолуш, Нохчийн меттан институто дӀахьочу «Нохчийн меттан говзанча» къовсаман II-чу муьрах 10 стаг чекхваьлла.

Церан цӀераш а йовзийтина Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствос: 1) Бурчаев Хьалим; 2) Яралиев Юсуп; 3) Хатуева Зараъ; 4) Гайтукаев Асламбек; 5) Джамиева Сахьабат; 6) Хасаров Рамзан; 7) Дашаева Амнат; 8) Гехаева Зулай; 9) Джабраилова Разет; 10) Абуева Товман.

ТӀебогӀучу баттахь хир йолчу финалехь дакъалоцур ду цара.

«Нохчийн меттан говзанча» къовсаман совгӀаталлин фонд 8 млн ₽ хиларна тӀе тидам бахийта богӀу:

5 млн ₽ — меттиг йаккхарна;

2 млн ₽ — меттиг йаккхарна;

1 млн ₽ — меттиг йаккхарна.

Источник: газета «Даймохк»

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *