Нохчийчоьнан хьалхара Президент хаьржина де

Вайн халкъан дахарехь Iаламат доккха маьIна лелийна вуно мехала хилам хилира 2003-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 5-чу дийнахь – Нохчийчоьнан дерриге а халкъ ара а даьлла, оцу дийнахь Нохчийн Республикин хьалхара Президент хаьржира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
Оцу шеран мангалан (июль) беттан 4-чу дийнахь Россин Федерацин Президента Путин Владимира арадаьккхира «Нохчийн Республикин хьалхара Президент харжаран хьокъехь» долу №729 йолу Указ. Оцу Указехь билгалдоккхуш дара харжамаш дIабахьа беза де – 2003- чу шеран эсаран (октябрь) беттан 5-гIа де.
С е л х а н а х и л ч а с а н н а дагадогIу и денош. Харжамаш дIакхайкхийначул тIаьхьа, 15 стага шайн кандидатураш оцу сохьта хьалхатеттира Нохчийчоьнан Президентан дарже. Ткъа Кадыров Ахьмад-Хьаьжа сиха вацара. Иза ладоьгIуш Iаш вара. Цуьнга вайн республикерчу бахархоша дехарш дора харжамашкахь дакъалацахьара бохуш. Изза дехар дира цуьнга Къилбаседа Кавказерчу Iеламнаха, Россин тайп-тайпанчу регионашкахь Iаш болчу вайн махкахоша. Эххар а, церан массеран а дехар кхочуш а деш, иза реза хилира харжамашкахь дакъалаца.
Баккъал а, чIогIа чолхечу хьолехь дIадаьхьира харжамашна кечамбар. Террористаш а, вахабисташ а, шайн ницкъ ма-кхоччу уьш дIа ца бахьийта гIертара. Бахархошна кхерамаш туьйсура. Маьрша нах, цу юкъахь хьехархой, яртийн дай, Iеламнах бойъура. Царна дуьхьал луьра къийсам дIабахьарна коьрта тидам тIебахийтина вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, кхиболу кандидаташ «гIамарийн гIаланаш» юттуш болуш. И дерриге а гуш дара халкъана. Цунна гуш вара халкъ хIаллакьхиларх кIелхьардаккха гIерташ шен са ца кхоош араваьлла лелаш верг а, Москвахь хаза хабарш дуьйцуш хиъна Iаш верг а. Церан массеран а хьокъала боллу мах а хадийра халкъо. Иза бIаьрла гайтира харжамийн жамIаша.
Нохчийн Республикин хьалхара Президент хоржуш дIабаьхьначу харжамашкахь дакъалецира 87,7 процент харжамхоша. Царах 80,84 процент болчу харжамхоша Кадыров Ахьмад-Хьаьжехьа кхаьжнаш тесира. Цу тайппана, къеггина толам а боккхуш, Нохчийн Республикин хьалхара Президент хаьржира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Нохчийн дерриге а халкъан деза де хилла дIахIоьттира эсаран (октябрь) беттан 5-гIа де. Ткъа оцу беттан 19-чу дийнахь, иза оцу даржехь чIагIвеш, инаугураци хилира.
Д.Анадев
Источник: газета «Даймохк»